2 Chronicles 15:8-15
8И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча... Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: Пайхамар волчу Ӏудадан кӀанта Ӏазар-ЯхӀус аьлла и дешнаш а, цуьнга Дала бина хаам а шена дӀахезча...
, дог иракарахӀоьттира Асин. Цо ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тӀера ша схьаяьхначу гӀаланашкара а дегаза цӀуш дӀабехира. Везачу Элан цӀенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагӀа доккху кхерч карлабаьккхира Асас. 9Массо а яхӀудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимӀин а тайпанашкара болу нах тӀегулбира цо, хӀунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира. 10Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгӀачу шеран кхоалгӀа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира. 11Шаьш яьккхинчу хӀонсана юкъара ворхӀ бӀе бежана а, ворхӀ эзар уьстагӀ а Везачу Элана сагӀина беара цара цу дийнахь. 12Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара. 13Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь. 14Турбанашший, маӀашший лоькхуш, чӀогӀа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара. 15Массо а яхӀудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хӀунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агӀор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012