‏ 2 Chronicles 18:2-27

2Масех шо даьлча, ЯхӀушапти Шамран-гӀала Ахьабана тӀевахара. ЯхӀушаптина а, цуьнца болчу нахана а лерина дуккха а жа а, хьайбанаш а дайира Ахьаба. Ахьаб ЯхӀушапти шегахьа ваккха гӀоьртира, иза шеца цхьаьна ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀалина тӀелатийтархьама. 3Исраилхойн паччахьо Ахьаба яхӀудхойн паччахье ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?»

ЯхӀушаптис цуьнга жоп делира: «Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду. Дера догӀур ду тхо хьоьца тӀаме!»
4ЯхӀушаптис кхидӀа а исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа».

5Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца даха дезий те тхо, я ца деза те?»

Цара жоп делира: «Хьо ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».

6ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».

7Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву».

«Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис.

8ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола».

9Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. 10КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». 11Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».

12Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».

13Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга сан Дала боххург айса дӀаэриг хиларх».

14Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?»

Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Иза хьан кара схьалур ю хьуна».

15ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?»

16 aТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, берриг а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“».

17Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»

18ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. 19Везачу Эло элира: „Шух муьлхачо тӀеерзор яра исраилхойн паччахь волчу Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадарчу Рамат-гӀала а вахийтина, цигахь хӀаллакьхилийтархьама? Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура“. 20ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 21Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“.

22Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бина!»

23ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?»

24Мика-ЯхӀус элира: «Хьажалахь, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».

25Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар, схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. 26Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».

27Мика-ЯхӀус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугӀийла аса аьллачуьнга!»
Copyright information for CheCAC2012