2 Chronicles 18:28-34
Ахьаб-паччахьан валар
(Сулим 22:29-35)
28Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. 29Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву ца хаийта, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву ца хаийта, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо. 30Арамхойн паччахьо шен тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 31ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхӀушаптина тӀелатархьама, цунна го бира. ЯхӀушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гӀо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора, 32хӀунда аьлча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. 33Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. ГӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина». 34Амма цу дерриг а дийнахь тӀом чӀогӀа лаьтташ бара. Исраилхойн паччахьо суьйре тӀеяллалц шен гӀудалкха чохь арамхошна дуьхьал ша лоттуьйтура, ткъа малх бузучу хенахь иза велира.
Copyright information for
CheCAC2012