‏ 2 Chronicles 20:31-37

ЯхӀушаптин паччахьаллин чаккхе

(Сулим 22:41-50)

31Иштта ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дира ЯхӀушаптис. ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. 32ЯхӀушапти шен ден Асин некъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. 33Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара. Халкъо хӀинца а шен дог кхоччуш тӀе ца дерзийнера шайн дайн Далла.

34ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду Хьананин кӀант волчу ЯхӀун дӀаяздинарш тӀехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина.

35Амма цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис Ӏеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесира. 36Таршаш-махка дахийта хӀордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхӀуца барт бира ЯхӀушаптис. Цара Ӏецйон-ГӀебарехь хӀордкеманаш дира. Цу хенахь Мареша-гӀаларчу Дода-ВахӀун кӀанта ЭлиӀазара ЯхӀушаптига Делера болу хаам бира: «Ахьа Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесна дела, ахь кхоьллинарг Везачу Эло дохор ду», – аьлла. ТӀаккха хӀордкеманаш, доха а доьхна, Таршаше ца дахаделира.37

‏ 2 Chronicles 21:1

1ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.
Copyright information for CheCAC2012