‏ 2 Chronicles 22:10-12

ЯхӀудхойн зуда-паччахь йолу Ӏатал-ЯхӀу

(ТӀаьххьарнаш 11:1-3)

10Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира, ЯхӀудан цӀийнан паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван. 11Амма ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀата Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа дезачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан зуда а, ЯхӀурам-паччахьан йоӀ а йолу, Ахьаз-ЯхӀун йиша а йолчу ЯхӀу-ШебаӀа Ӏатал-ЯхӀух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра. 12Ялх шарахь, Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цӀийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.

‏ 2 Chronicles 23:1-15

Халкъ Ӏатал-ЯхӀуна дуьхьалдалар

(ТӀаьххьарнаш 11:4-16)

1Ӏатал-ЯхӀус паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, динан да волу ЯхӀу-ЯдаӀ, чӀагӀ а велла, тӀеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кӀант Ӏазар-ЯхӀу, ЯхӀу-Хьанин кӀант ИсмаьӀал, Ӏабадин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Ӏади-ЯхӀун кӀант МаӀсей-ЯхӀу, Зикрин кӀант Эли-Шапти. 2Берриге а ЯхӀуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхӀудхойн гӀаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дӀа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира.

3 aСхьагулбеллачу массара а Делан цӀа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тӀаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кӀант паччахь хила веза. 4Ткъа аша хӀара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дан богӀуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гӀаролхой хир бу, 5шолгӀа дакъа – паччахьан цӀахь, кхоалгӀа дакъа – Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь хир ду. 6Динан дай а, гӀуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цӀа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тӀедиллинчуьнца лела деза. 7Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агӀор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цӀа чу вала мел гӀертарг вийна дӀаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а».

8Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхӀудхоша а. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а гӀаролхой шаьш долчу схьагулбира, хӀунда аьлча динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа хийцабелла гӀаролхой дӀа ца бахийтира. 9Делан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира. 10Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дӀахӀоттийра динан дас – Делан цӀенна къилберачу агӀонна тӀера къилбаседерачу агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цӀенна уллохь а. 11ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнан кӀенташа а, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза, паччахь дӀахӀотто, даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», – бохуш.

12Паччахьна хастамаш а беш, дедда догӀучу халкъан аьзнаш шена хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу нахана тӀеяхара. 13ДӀахьаьжча, шен бӀогӀамна уллохь, Делан цӀенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гӀирсашца хастамаш бечарна тӀехь куьйгалла деш. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехулара бедарш этӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.

14Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болу гӀаролхой тӀе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».

15Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.
Copyright information for CheCAC2012