‏ 2 Chronicles 23:16-21

Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа дина юхаметтахӀиттораш

(ТӀаьххьарнаш 11:17-20)

16ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. 17Дерриге а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. 18ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна тӀехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дӀахӀоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара дӀахӀиттийнера, Дауда тӀе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягорхьама. 19Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цӀена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цӀийнан кевнашка гӀаролхой дӀахӀиттийра ЯхӀу-ЯдаӀа.

20Динан дас, шеца тӀеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тӀехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера дӀавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цӀа а вигина, паччахьан гӀанта тӀе охьахаийра. 21Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гӀала синтеме яра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу, тур а тоьхна, йийнера.
Copyright information for CheCAC2012