aАрадаккхар 30:11-16.
2 Chronicles 24:1-16
ЯхӀудхойн паччахь Юаш
(ТӀаьххьарнаш 12:1-16)
1Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра. 2Динан да ЯхӀу-ЯдаӀ вехачу ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3ЯхӀу-ЯдаӀа Юашана ши зуда ялийра. Цара кӀентий а, йоӀарий а бира цунна. 4Цул тӀаьхьа Везачу Элан цӀа карладаккхар дагатесира Юашана. 5Юаша, динан дай а, левихой а схьа а гулбина, цаьрга элира: «ЯхӀуд-махкахь бехачу исраилхошкара хӀора шарахь шайн Делан цӀенна лерина дети схьагулде. Оцу гӀуллакхан сихо а е». Амма левихой и гӀуллакх кхочушдан сих ца белира. 6 aТӀаккха паччахьо, царна коьртехь волу ЯхӀу-ЯдаӀ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Ахьа левихошка кхочуш хӀунда ца дойту Везачу Элан ялхо волчу Мусас а, исраилхойн гуламо а тӀедиллина долу гуламан цӀенна лерина ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а халкъера йогӀу ял схьаэцар?» 7ХӀунда аьлча оцу Ӏесачу Ӏатал-ЯхӀус а, цуьнан кӀенташа а, Делан цӀа чу а лилхина, даздина долу массо а хӀума БаӀал-харцделанашна Ӏамал ярна дӀаделлера. 8Паччахьан омрица цхьа гӀутакх дира. Иза арахьа, Везачу Элан цӀийнан керта чу воьдучохь, охьадиллира. 9ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а Делан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь исраилхошна тӀедиллина долу Везачу Элана лерина ял яла езарх лаьцна дӀакхайкхийра. 10Халкъан хьаькамаша а, доллучу халкъо а иза хазахетарца тӀеийцира. Цара, схьа а дахьаш, ахча тосура оцу гӀутакх чу, иза хьаладуззалц. 11И гӀутакх левихошкахула паччахьан гӀуллакх деш болчарна тӀекхоьхьура. ТӀаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогӀий, и ахча дӀаоьцура. Ткъа гӀутакх, дӀа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хӀора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора. 12Паччахьо а, ЯхӀу-ЯдаӀа а и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран белхаш тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара тӀулг хьокхурш а, дечигпхьераш а тӀелоцура, цаьрга Везачу Элан цӀа чӀагӀдайтархьама. Иштта аьчка а, цӀестан а пхьераш лоцура цара Везачу Элан цӀа чӀагӀдархьама. 13И белхаш кхочушбеш болчара чӀогӀа къа а хьоьгура, церан куьйгашца меттахӀоттош беш болу болх кхиамца дӀа а боьдура. Делан цӀа цара дуьххьарлерчу барамашца юхаметтахӀоттийра, иза кхин а чӀагӀ а деш. 14Дерриге а гӀуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхӀу-ЯдаӀе а дӀаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цӀа чу дӀахӀитто пхьегӀаш яйтира. Иштта Везачу Элана гӀуллакх дан лерина пхьегӀаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна лерина пхьегӀаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегӀаш яйтира.Юашан юхавалар а, арамхой тӀелатар а
ЯхӀу-ЯдаӀ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цӀийнан кертахь хӀора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. 15ЯхӀу-ЯдаӀ, къан а велла, тоъал дуьне а диъна, велира. Иза лечу хенахь, цуьнан цхьа бӀе ткъе итт шо дара. 16Иза паччахьашна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира, цо Исраил-махкахь Далла а, Цуьнан цӀенна а лерина дина дика бахьана долуш.
Copyright information for
CheCAC2012