2 Chronicles 27
ЯхӀудхойн паччахь Йовтам
(ТӀаьххьарнаш 15:32-38)
1Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра. 2Шен дас Ӏузи-ЯхӀус ▼▼Ӏузи-ЯхӀу – кхечу тептарш тӀехь иза кхин а Ӏазар-ЯхӀу цӀе йолуш ву.
санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цӀа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидӀа а къинош летадора. 3Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. Иштта Ӏупал-гу болчу пенна тӀехь а дуккха а кхиболу чӀагӀдаран белхаш байтира цо. 4ЯхӀуд-махкарчу лам тӀехь гӀаланаш а, хьаннашкахь гӀепаш а, бӀаьвнаш а дӀахӀиттаяйтира Йовтама. 5Ӏамминхойн паччахьца тӀом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бӀе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кӀа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Ӏамминхоша Йовтамна. Изза дора Ӏамминхоша шолгӀачу а, кхозлагӀчу а шерашкахь а. 6Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела. 7Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел бинчу тӀамах а, цуьнан леларх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 8Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. 9ТӀаккха Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.
Copyright information for
CheCAC2012