‏ 2 Chronicles 28:5

ЯхӀудхоша Сирин а, Исраилан а мехкашца бина тӀом

(ТӀаьххьарнаш 16:5)

5 aЦу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дӀавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. Дуккха а яхӀудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дӀабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дӀавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012