‏ 2 Chronicles 29

ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу

(ТӀаьххьарнаш 18:1-3)

1Паччахь дӀахӀуттучу хенахь Хьузакх-ЯхӀун
Ӏебархойн тептар тӀехь: Яхьизакх-ЯхӀу. Иза «Хьузакх-ЯхӀун» кхин цӀе ю.
ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра.
2Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.

Везачу Элан цӀа цӀандар

3Ша паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шеран хьалхарчу баттахь Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а йиллина, уьш тояйтира. 4Левихой а, динан дай а шена тӀебахкар тӀедиллира Хьузакх-ЯхӀус. Уьш Делан цӀенна малхбалехь йолчу майданахь схьагулбира цо. 5Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогӀалаш соьга! ХӀинца шаьш а Далла гергахь цӀанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа а цӀанде. Цу цӀенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хӀума аракхосса. 6Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хӀуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дӀа а тесна, Везачу Элан цӀийнах дӀа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. 7Цара Везачу Элан цӀийнан ученна чу волу неӀ а дӀакъевлира, къуьданаш а дӀабойура. Иштта хаза хьожа йогӀу хӀума а ца ягайора, дезачу цӀа чохь Исраилан халкъан Далла лерина дийнаташ дагоран сагӀа а ца доккхура цара. 8ТӀаккха Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Ӏада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хӀума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. 9Иштта туьро байира вайн дай, цундела вайн кӀентий а, йоӀарий а, зударий а хӀинца хийрачу махкахь йийсарехь бу.

10ХӀинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чӀогӀа йолу дералла вайна тӀера дӀаяккхийтархьама. 11Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гӀуллакх дайтархьама а, шу Шена гӀуллакх дийраш а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягораш а хилийтархьама а».

12ТӀаккха хӀара левихой гӀуллакхаш кхочушдан хӀиттира: КхахӀатан тӀаьхьенах волу Ӏамсайн кӀант Махьат а, Ӏазар-ЯхӀун кӀант Юал а;
Мерарин тӀаьхьенах волу Ӏабдин кӀант Къуша а, ЯхӀалал-Элан кӀант Ӏазар-ЯхӀу а;
ГӀиршанан тӀаьхьенах волу Замин кӀант Юахьи а, Юахьин кӀант Ӏедан а;
13Эли-Цапанан тӀаьхьенах волу Шимра а, ЯӀиал а;
Асайпан тӀаьхьенах волу Закри-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а;
14ХӀайманан тӀаьхьенах волу Яхьиал а, ШамаӀи а;
Ядутунан тӀаьхьенах волу ШамӀа-ЯхӀу а, Ӏузиал а.

15Цара, шайн вежарий схьа а гулбина, Далла гергахь цӀано йира. ТӀаккха, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан омра кхочуш а деш, Везачу Элан цӀа цӀан а деш, даздан бахара уьш. 16Цара Везачу Элан цӀа чохь шайна карийна Далла гергахь боьха мел долу хӀума цӀийнан керта арадаьккхира. Ткъа левихоша, уьш Кхидрун-тогӀи чу дӀакхиссархьама, дӀаийцира.

17Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара Везачу Элан керт язъян йолийра. Цу беттан борхӀалгӀачу дийнахь уьш Везачу Элан цӀийнан ученна тӀекхечира. Кхин а бархӀ дийнахь Далла хьалха даздира цара Везачу Элан цӀа. Оцу хьалхарчу беттан ялхитталгӀачу дийнахь цара и гӀуллакх чекхдаьккхира.

Везачу Элан цӀа юха а Делан кара дӀадалар

18ТӀаккха, Хьузакх-ЯхӀун цӀа а баьхкина, цара элира: «Оха Везачу Элан цӀа а цӀандина, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цӀанбина, цуьнца йоьзна йолу ерриге пхьегӀаш а цӀанйина. Иштта даздина долу бепиг тӀедуьллу стол а, цуьнца йоьзна йолу пхьегӀаш а цӀанйина. 19Ахьаз-паччахьо, ша паччахьалла динчу хенахь, Делан лаамехь доцург а лелош, дӀаяьхна хилла йолу ерриге а пхьегӀаш, оха, кеч а йина, язйина. Уьш Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀиттийна».

20ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀалин куьйгалхой схьа а гулбина, Везачу Элан цӀенна тӀе вахара Хьузакх-ЯхӀу-паччахь. 21Цара ворхӀ старгӀа а, ворхӀ уьстагӀ а, ворхӀ боьрша Ӏахар а, ворхӀ бож а еара пачхьалкхан къиношна тӀера а, Везачу Элан цӀийнан езачу чоьнна тӀера а, ЯхӀудан халкъана тӀера а. АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна тӀедиллира паччахьо и дийнаташ сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана тӀехь дагор. 22Динан дайша, старгӀанашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Цул тӀаьхьа цара, уьстагӀашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Иштта Ӏахаршна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира цара. 23ТӀаккха, къиношна тӀера урс хьакха ялийна йолу бежалой паччахьна а, халкъан гуламна а хьалха дӀа а хӀиттийна, царна тӀе куьйгаш дехкира. 24Царна урс а хьаькхна, берриге а Исраилан халкъан къинош дӀадахархьама, бежалойн цӀийн цинцаш туьйхира кхерча тӀе. ХӀунда аьлча паччахьо омра динера берриге а Исраилан халкъана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа а, къинойх цӀандаларан сагӀа а даккха аьлла.

25Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тӀедиллина ма-хиллара, – ткъа и тӀедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цӀастанан жима негӀарш а карахь долу левихой дӀахӀиттийра. 26Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гӀирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дӀахӀиттийча, 27Хьузакх-ЯхӀус омра дира, дагоран сагӀина урс хьаькхна долу дийнаташ кхерча тӀе дахка аьлла. СагӀа даккха долийча, локхучу турбанашца а, исраилхойн паччахь хилла волчу Даудан гӀирсашца а зурма а лоькхуш, Везачу Элана лерина эшарш лекха йолийра. 28Халкъан берриг а гуламо а Ӏибадат дора, илланчаша эшарш лоькхуш а, турбанаш екаш а йолчу хенахь. Иза иштта лаьттара, дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаллалц. 29Дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаьлча, паччахьо а, цуьнца болчу массара а, суждане а бахана, Ӏибадат дира. 30Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, баьччанаша а левихошка омра дира, Дауда а, Делера дерг гуш хилла волчу Асайп-пайхамаро а яздинчу дешнашца Везачу Элана хастамаш бе аьлла. Халкъо хазахетарца эшарш а лоькхура, уьш суждане а боьлхура, цара Везачу Элана Ӏибадат а дора.

31Хьузакх-ЯхӀус, вист а хуьлуш, элира: «ХӀинца аша шаьш Везачу Элана лерина дӀакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цӀа долчу бертан а, баркаллин а сагӀанаш даладе». ТӀаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагӀанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хӀораммо а дагоран сагӀанаш даха дийнаташ даладора. 32Халкъан гуламо дагоран сагӀа даккха далийначу дийнатийн барам иштта бара: кхузткъе итт сту, цхьа бӀе уьстагӀ, ши бӀе боьрша Ӏахар. И дерриге а Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха далийнера. 33Кхин а ялх бӀе дийнат хьайбанийн юкъара а, кхо эзар – жен юкъара а далийнера бертан а, баркаллин а сагӀанашна. 34Ткъа динан дай кӀеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагӀина далийначу дерриг а дийнаташна тӀера цӀокарчий схьаяха. Цундела царна гӀо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цӀанбаллалц а, сагӀа доккху и гӀуллакх чекхдаллалц а гӀо дира цара. ХӀунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цӀанбарна тӀехь динан дайл а лерина лелара. 35Оцу дийнаташ дагоран сагӀина дахьаш долчу хӀуманна тӀекхетара боккхачу барамехь долу барт баран сагӀанийн мохь а, чагӀаран сагӀина дахьаш долу малар а.

Иштта меттахӀоттийра Везачу Элан цӀенца доьзна долу гӀуллакх дар.
36Хьузакх-ЯхӀу а, дерриг халкъ а чӀогӀа самукъадаьлла дара Дала Шен халкъана диначунна, хӀунда аьлча иза сихха кхочушхилира.

‏ 2 Chronicles 30

Пасахьан деза де даздарна кечам бар

1Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цӀа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама. 2 bПаччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгӀачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла. 3И гӀуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цӀанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. 4Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира. 5ТӀаккха Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХӀунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера. 6Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхӀуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дӀасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тӀехь яздина дара:

«Исраилан халкъ! ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тӀедерзалаш, тӀаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тӀевоьрзур ву Иза а.
7Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дӀа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хӀума йира Цо царах. 8ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю. 9Шун дегнаш Везачу Элана тӀе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТӀаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хӀунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тӀедерзахь, Иза шух дӀавоьрзур вац».

10Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тӀекхаччалц, цхьана гӀалара вукху гӀала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара. 11Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгӀира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира. 12ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.

Пасахьан дезде даздар

13Шеран шолгӀачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара. 14Гулбеллачара, хьала а гӀевттина, Ярушалаймехь цӀушна лерина дагоран сагӀа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цӀушна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу берриге а гӀирс, боха а бина, Кхидрун-тогӀи чу кхоьссира цара. 15ТӀаккха шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь Пасахьан Ӏахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цӀан а белла, Везачу Элан цӀийнан керта дагоран сагӀа даккха дийнаташ далийра. 16Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тӀехь яздина ма-хиллара, шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цӀийн цинцаш тухура. 17Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дӀахӀитта цӀанбалаза берш тӀех дукха хиларна, церан Пасахьан Ӏахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хӀуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира левихоша. 18Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цӀанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагӀина беанчу Пасахьан Ӏахарх йолу хӀума. 19Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!» 20Хьузакх-ЯхӀун доӀа дӀа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира. 21Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чӀогӀа самукъадаларца ворхӀ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гӀирсашца хӀора дийнахь Цунна хастамаш бора. 22Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь. 23Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхӀ дийнахь даздан. ТӀаккха самукъадаларца кхин а ворхӀ де даьккхира цара, и де даздеш. 24ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус цхьа эзар сту а, ворхӀ эзар уьстагӀ а беанера сагӀина гулбеллачарна тӀера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагӀ а. ТӀаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гӀуллакх дарна дӀа а къаьсташ, шаьш цӀанбира. 25ЯхӀуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхӀуд-махкахь тӀебаьхкинарш санна Ӏаш болу исраилхой а. 26Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хӀунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хӀума Ярушалаймехь. 27ТӀаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гӀевттина, халкъ декъалдира. ДӀахезира Везачу Элана церан аз, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дӀакхечира церан доӀа.

‏ 2 Chronicles 31

Хьузакх-ЯхӀус дина юхаметтахӀиттораш

1И дерриге а чекхдаьллачул тӀаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхӀудхойн гӀаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра, тӀехь сагӀа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тӀаьхьа берриге а исраилхой шайн гӀаланашка, шайн хӀусамашка юхабирзира.

2Динан дай а, левихой а, шаьш дӀахӀиттабаре терра, шайн-шайн рогӀехь, хӀора а шен гӀуллакх дан дӀахӀоттийра Хьузакх-ЯхӀус. Царна тӀедехкинчу гӀуллакхашна юкъадогӀура: дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дахар а, Везачу Элана гӀуллакх дар а, Далла баркаллаш бахар а, Веза Эла Ӏаш йолчу меттиган кевнашкахь Цунна хастамийн иллеш алар а. 3 cПаччахьо шен хьолах цхьадолу дакъа дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна дала билгалдаьккхира: Ӏуьйренан а, суьйренан а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинлучу деношкахь а, Везачу Элан товрат-хьехамехь яздина долчу кхечу дезачу деношкахь а сагӀанаш дахарна а.

4 dЯрушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тӀедиллира динан дайшна а, левихошна а догӀуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дӀадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тӀедерза а ца дезаш. 5Паччахьан омра дӀакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагӀарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хӀума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгӀа дакъа а деара цара. 6ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь бехачу исраилхоша а, яхӀудхоша а деара шайн бежана юкъара а, жена юкъара а уьтталгӀа дакъош. Иштта шайн Везачу Далла лерина сагӀина гулдинчух а уьтталгӀа дакъа схьадеара цара. Церан вуно дукха хӀума гулделира. 7И гӀуллакх, шеран кхоалгӀачу баттахь дола а дина, ворхӀалгӀачу баттахь чекхдаьккхира цара. 8Хьузакх-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а схьабаьхкича, царна вуно дукха гулделла хӀума гира. Везачу Элана хастамаш бира цара, ткъа Цуьнан Исраилан халкъ декъалдира цара. 9Хьузакх-ЯхӀус динан дайшка а, левихошка а оцу гулделлачу хӀуманах лаьцна хаттар дира. 10ТӀаккха ЦӀадукъин тӀаьхьенах волчу коьртачу динан дас Ӏазар-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Элан цӀа долчу тхайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хӀума а йоу, кхин дуккха а хӀума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хӀума а дисина».

11Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан кертахь кхин а тӀаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, 12совгӀаташ а, уьтталгӀа дакъош а, Далла дӀакъастийна сагӀанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хӀуманна тӀехьожуш хьаькам хӀоттийра левихо волу Ханан-ЯхӀу. Ткъа Ханан-ЯхӀун ваша ШамаӀи цунна гӀо деш шолгӀаниг хӀоттийра. 13Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ӏазар-ЯхӀус а тӀедилларца Ханан-ЯхӀун а, ШамаӀин а куьйга кӀел оцу хӀуманийн дола дан дӀахӀоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхӀу, Нахьати, ӀасахӀал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхӀу, Махьат, БенъяхӀу. 14Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагӀанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хӀума а, даздина долу совгӀаташ а дӀасадекъа дӀахӀоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кӀант волу левихо вара. 15Кхурин куьйга кӀел бара Ӏедан, Мин-Яман, ЮшаӀ, ШамӀа-ЯхӀу, Амар-ЯхӀу, Шахан-ЯхӀу. Динан дайн гӀаланашкахь тешаме хиларца гӀо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггӀург дӀа а доькъуш. 16ЦӀераш дӀаязйинчарна юкъахь болчу боьршачу нахах кхо шо а, цул сов а хан йолчарна дӀасадоькъура и хӀума – Везачу Элан цӀа чохь хӀора дийнахь, шайн дарже а, тобане а хьаьжжина, шайна тӀедиллина гӀуллакх деш болчарна. 17Шайн доьзалшка хьаьжжина, тептар тӀе дӀаязбина болчу динан дайшна а, ткъа шо а цул сов хан йолчу левихошна а, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка а, церан тобанашка а хьаьжжина, дӀадоькъура цара и хӀума. 18Иштта дӀадоькъура и хӀума цу тептар тӀе дӀаяздинчу, берриге а гуламна чудогӀуш долчу берашна а, зударшна а, кӀенташна а, йоӀаршна а. ХӀунда аьлча цара, цӀан а белла, тешаме хиларца шаьш Далла дӀакъастийнера, Цунна леррина гӀуллакх дархьама. 19АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай бехачу гӀаланийн гонахарчу дежийлашкахь Ӏаш болчу динан дайх лаьцна аьлча, цигахь цӀершца билгалбаьхна болу нах дӀахӀиттийра, динан дайн доьзалшна юкъара хӀора боьршачунна а, левихошна юкъара хӀора дӀаязвинчунна а и хӀума дӀадекъархьама.

20Иштта гӀуллакх дира Хьузакх-ЯхӀус берриге а ЯхӀуд-махкахь. Шен Везачу Далла хьалха диканиг а, нийсо ерг а, тешаме дерг а леладора Хьузакх-ЯхӀус. 21Шен Дела дага а лоцуш, Делан цӀенна лерина а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардарна а, ша дечу массо а хӀуманна тӀехь а, доггах гӀуллакх дора Хьузакх-ЯхӀус, цундела кхиамаш а хуьлура цуьнан.

‏ 2 Chronicles 32

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

(ТӀаьххьарнаш 18:13-37; 19:14-19, 35-37; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22; 37:8-38)

1Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхӀус дина гӀуллакхаш чекхдевлча, ЯхӀуд-махка чугӀоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧӀагӀйина гӀаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо. 2Санхьариб, ЯхӀуд-махка чу а гӀоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан веана хилар шена гича, 3Хьузакх-ЯхӀус, шен баьччанех а, тӀеман хьаькамех а дага а ваьлла, гӀалин арахула долу хин хьостанаш дӀадукъар юкъадалийра. Цара и дан гӀо дира Хьузакх-ЯхӀуна. 4Дуккха а наха, гул а белла, кӀоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дӀадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хӀунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» 5ГӀала чӀагӀъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхӀус: доьхна долу пенаш а меттахӀиттийра, пенашна тӀехула бӀаьвнаш а хӀиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дӀахӀоттийра, Даудан гӀали чу йогӀуш йолу Милло цӀе йолу терхийн басенаш чӀагӀ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. 6Халкъана тӀехь тӀеман хьаькамаш хӀиттийра Хьузакх-ЯхӀус. ГӀалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тӀе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира: 7«ЧӀагӀлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хӀунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. 8Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.

9Цул тӀаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхӀудхошна а тӀехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом беш вара. Цо шен хьаькамашка хӀара алийтира: 10«Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гӀалахь виссал хьан бӀобулуш дерг хӀун ду те? 11Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кӀелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхӀус? 12ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагӀа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Ӏибадат а ма де, цунна тӀехь бен сагӀина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀадаьхна волу Хьузакх-ЯхӀу вац ткъа иза? 13Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кӀелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш? 14Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кӀелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кӀелхьардохур дара шу? 15Ткъа хӀинца Хьузакх-ЯхӀуга шаьш иштта Ӏеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кӀелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“».

16Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхӀуна а дуьхьал долу дешнаш. 17Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хӀара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дӀа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхӀун Деле а кӀелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара». 18Пенан тӀехуленна тӀедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гӀала схьаяккхархьама, яхӀудхойн маттахь чӀоггӀа маьхьарий хьоькхура цара. 19Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.

20Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а, доӀа а дина, оцу гӀуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира. 21ТӀаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а хӀаллакбира цо. Санхьариб, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цӀа чу ваьлча, цуьнан шен тӀаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза.

22Иштта кӀелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхӀу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агӀор паргӀато а елира царна. 23ТӀаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгӀаташ а, яхӀудхойн паччахьна еза хӀуманаш а еара. Цул тӀаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхӀун сий.

Хьузакх-ЯхӀун цомгуш хилар а, товалар а

(ТӀаьххьарнаш 20:1-3, 12-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 38:1-3; 39:1-8)

24Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхӀус Везачу Эле доӀа дича, тамашийна билгало
Тамашийна билгало – цунах лаьцна кхин а дукха яздина ду «ТӀаьххьарнаш» цӀе йолчу тептар тӀехь (20:8-11).
ярца Цо жоп делира цунна.
25Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхӀус, хӀунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТӀаккха Дала цунна а, ЯхӀудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгӀазалла тӀеяийтира. 26Амма Хьузакх-ЯхӀу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгӀазалла ца йира царна.

Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан хьал

27Хьузакх-ЯхӀун дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа сийлахь а вара. Дети а, деши а, деза тӀулгаш а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, турсаш а, массо а тайпана еза пхьегӀаш а чуйохку гӀишлош кечйира цо. 28Иштта лаьтто луш долу сурсаташ: кӀа а, чагӀар а, даьтта а чудилла чоьнаш кечйира цо. Массо а тайпана бежанаш чудохка божалш кечдира, жа латто керташ а нисйира. 29ГӀаланаш а дӀахӀиттийра цо шена. Жаш а, хьайбанаш а вуно дукха дара Хьузакх-ЯхӀун, хӀунда аьлча Дала дуккха а хьал деллера цунна. 30Иштта, лакхахула дӀадоьду Гихьон-хи, дӀа а къевлина, иза Даудан гӀалин малхбузехьа агӀор охьадахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхӀун. 31ЯхӀуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхӀу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дӀа ца тесира Дала иза.

Хьузакх-ЯхӀун паччахьаллин чаккхе

(ТӀаьххьарнаш 20:20, 21)

32Хьузакх-ЯхӀух кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – Везачу Элана иза чӀогӀа тешаме хиларх лаьцна – дӀаяздина ду «Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна дуьхьалхӀоттийна сурт» цӀе йолчу а, «ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цӀе йолчу а тептарш тӀехь. 33Хьузакх-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шайн дайх дӀакхийтира. Дауд-паччахьах схьабевллачеран къуббанаш йолчу гу тӀехь дӀавоьллира иза. Иза велча, ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а массо а бахархоша цуьнга болчу ларамца дӀаверзийра Хьузакх-ЯхӀу. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.
Copyright information for CheCAC2012