bАрадаккхар 26:33, 34.
2 Chronicles 3:1-9
1 aЯрушалаймерчу Мори-лам тӀехь Везачу Элан цӀа дан долийра Сулима. Оцу лома тӀехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхӀоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг. 2Иза дара Сулима паччахьалла дечу доьалгӀачу шеран шолгӀачу беттан шолгӀачу дийнахь. 3Сулима деш долчу Делан цӀийнан бух иштта бара: бахалла – кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла – ткъа дол. 4ЦӀийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бӀе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цӀена деши диллина йинера. 5ГӀишлон коьрта цӀа баганан дечигах дина дара, тӀехула деши а дуьллуш. Цу дешин тӀехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зӀенийн а суьрташ дехкира. 6ТӀаккха, куц а доккхуш, тӀехула деза тӀулгаш дехкира. И деши Парвайм-махкара деана дара. 7ЦӀенна а, цуьнан ханнашна а, неӀсагӀанашна а, пенашна а, корашна а, неӀаршна а тӀехула деши диллира, ткъа пенаш тӀехь каруб-маликийн суьрташ дехкира. 8 bВезачу Элан цӀа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цӀа чу дахара цхьа эзар ши бӀе пунт деши. 9Хьостамий а динера, хӀора хьостам шовзткъе итт шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамал яра.
деших а беш. Иштта лакха тӀехь йолчу чоьнашна а деши диллира.
Copyright information for
CheCAC2012