2 Chronicles 3:8-14
8 aВезачу Элан цӀа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цӀа чу дахара цхьа эзар ши бӀе пунт деши. 9Хьостамий а динера, хӀора хьостам шовзткъе итт шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамал яра.
деших а беш. Иштта лакха тӀехь йолчу чоьнашна а деши диллира. 10 cВезачу Элан цӀийнан уггаре а дезачу цӀа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тӀе деши а дуьллуьйтуш. 11Каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тӀам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тӀам вукху каруб-маликан тӀомах хьакхалора. 12Оццу барамехь болу шолгӀачу каруб-маликан цхьа тӀам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тӀемаш цӀенна юккъехь вовшахкхетара. 13Оцу каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тӀехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цӀийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тӀе ерзийна яра. 14 dИштта сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а басахь долчу кӀадих а, дуткъачу кӀадих а кирхьа дайтира цо, цу тӀехь каруб-маликийн суьрташ а дохкуьйтуш.
Copyright information for
CheCAC2012