2 Chronicles 32:1-19
Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу
(ТӀаьххьарнаш 18:13-37; 19:14-19, 35-37; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22; 37:8-38)
1Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхӀус дина гӀуллакхаш чекхдевлча, ЯхӀуд-махка чугӀоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧӀагӀйина гӀаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо. 2Санхьариб, ЯхӀуд-махка чу а гӀоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан веана хилар шена гича, 3Хьузакх-ЯхӀус, шен баьччанех а, тӀеман хьаькамех а дага а ваьлла, гӀалин арахула долу хин хьостанаш дӀадукъар юкъадалийра. Цара и дан гӀо дира Хьузакх-ЯхӀуна. 4Дуккха а наха, гул а белла, кӀоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дӀадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хӀунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» 5ГӀала чӀагӀъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхӀус: доьхна долу пенаш а меттахӀиттийра, пенашна тӀехула бӀаьвнаш а хӀиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дӀахӀоттийра, Даудан гӀали чу йогӀуш йолу Милло цӀе йолу терхийн басенаш чӀагӀ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. 6Халкъана тӀехь тӀеман хьаькамаш хӀиттийра Хьузакх-ЯхӀус. ГӀалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тӀе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира: 7«ЧӀагӀлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хӀунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. 8Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира. 9Цул тӀаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхӀудхошна а тӀехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом беш вара. Цо шен хьаькамашка хӀара алийтира: 10«Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гӀалахь виссал хьан бӀобулуш дерг хӀун ду те? 11Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кӀелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхӀус? 12ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагӀа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Ӏибадат а ма де, цунна тӀехь бен сагӀина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀадаьхна волу Хьузакх-ЯхӀу вац ткъа иза? 13Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кӀелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш? 14Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кӀелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кӀелхьардохур дара шу? 15Ткъа хӀинца Хьузакх-ЯхӀуга шаьш иштта Ӏеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кӀелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“». 16Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхӀуна а дуьхьал долу дешнаш. 17Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хӀара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дӀа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхӀун Деле а кӀелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара». 18Пенан тӀехуленна тӀедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гӀала схьаяккхархьама, яхӀудхойн маттахь чӀоггӀа маьхьарий хьоькхура цара. 19Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.
Copyright information for
CheCAC2012