2 Chronicles 33:1-9
ЯхӀудхойн паччахь Маннаш
(ТӀаьххьарнаш 21:1-9)
1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. 2 aВезачу Эло исраилхошна хьалхара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гӀуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. 3Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо. 4 bВезачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. 5Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо. 6Маннаша шен кӀентий Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цӀерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо. 7 cШа харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а» 8Нагахь санна Аса шайна тӀе мел диллинарг – Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тӀедехкинарш а – цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса. 9Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.
Copyright information for
CheCAC2012