2 Chronicles 34:29-33
Юши-ЯхӀус Везачу Элаца бина барт
(ТӀаьххьарнаш 23:1-20)
29Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 30Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге а халкъ а, Ярушалайман берриге а бахархой а, динан дай а, левихой а, доллу халкъ а, уггаре ладам доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀе кхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала халкъаца бинчу бертан тептар тӀера дерриг а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо а халкъана дӀа а хозуьйтуш. 31БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тӀехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а. 32Шаьш и барт тӀеоьцуш паччахьо чӀагӀо яр тӀедиллира берриг а Ярушалаймерчу бахархошна а, бен-яманхошна а. Иштта, Ярушалайман бахархой шайн дайн Дела волчу Делаца бинчу барте хьаьжжина, лела буьйлабелира. 33Исраилхойн долахь болчу берриге а махкара дегаза болу цӀуш дӀабехира Юши-ЯхӀус. Исраил-махкахь дехачу дерриге а халкъана тӀедиллира цо шайн Везачу Далла Ӏамалъяр. Юши-ЯхӀу-паччахь вехаш хиллачу массо а хенахь, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀа ца бевлира уьш.
Copyright information for
CheCAC2012