‏ 2 Chronicles 34:8-28

Товрат-хьехамийн тептар карор

(ТӀаьххьарнаш 22:3-20)

8Ша паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цӀа а ша цӀандечу хенахь Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани а, гӀалин хьаькам МаӀсей-ЯхӀу а, йозанча волу Юахьазан кӀант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхӀус шен Везачу Делан цӀа тодан. 9Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а бахана, Делан цӀенна деана долу ахча дӀаделира цуьнга. Делан цӀийнан кевнехь гӀарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера. 10И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьожучу нехан кара дӀаделира. Ткъа цара Везачу Элан цӀа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дӀадоькъура и ахча. 11Дечиган пхьерашка а, гӀишло ечаьрга а дӀаделира цара ахча, яхӀудхойн паччахьо талхийтинчу гӀишлошна оьшу хьаькхна тӀулг а, бӀогӀамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама. 12Балха тӀехь тешаме бара и нах. Царна тӀехьожуш дӀахӀиттийна бара Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а. Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а, иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу Закри-ЯхӀу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара. 13Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тӀехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тӀехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тӀехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гӀарол дийраш а.

14Цара Везачу Элан цӀа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар. 15ТӀаккха Хьалкхи-ЯхӀус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цӀа чохь». И тептар Шапанига дӀаделира Хьалкхи-ЯхӀус. 16Шапанис и тептар паччахьна тӀедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тӀедиллинарг цара дерриг а кхочушдо. 17Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дӀаделла», – аьлла. 18Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга», – аьлла. Иза паччахьна хьалха дӀадийшира цо.

19Товрат-хьехамийн дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедарш этӀийра. 20ТӀаккха динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а, тӀе а дуьллуш, цо элира: 21«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, хӀунда аьлча хӀокху тептаран дешнашка ладоьгӀна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тӀехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».

22Динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, паччахьо дӀахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гӀуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца. 23Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀе хьажийначу стаге хӀара дӀаала: 24‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тӀебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тӀехь кхочушхир ду яхӀудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тӀехь долу дерриге а неӀалташ›’. 25Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дар а веш, Сан оьгӀазло кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу летта алу санна, хир ю. 26Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 27‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. – 28И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дӀавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Ас кху меттигна тӀебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“».

Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.
Copyright information for CheCAC2012