bАрадаккхар 12:8, 9.
dАрадаккхар 12:1-20.

‏ 2 Chronicles 34:8-33

Товрат-хьехамийн тептар карор

(ТӀаьххьарнаш 22:3-20)

8Ша паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цӀа а ша цӀандечу хенахь Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани а, гӀалин хьаькам МаӀсей-ЯхӀу а, йозанча волу Юахьазан кӀант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхӀус шен Везачу Делан цӀа тодан. 9Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а бахана, Делан цӀенна деана долу ахча дӀаделира цуьнга. Делан цӀийнан кевнехь гӀарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера. 10И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьожучу нехан кара дӀаделира. Ткъа цара Везачу Элан цӀа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дӀадоькъура и ахча. 11Дечиган пхьерашка а, гӀишло ечаьрга а дӀаделира цара ахча, яхӀудхойн паччахьо талхийтинчу гӀишлошна оьшу хьаькхна тӀулг а, бӀогӀамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама. 12Балха тӀехь тешаме бара и нах. Царна тӀехьожуш дӀахӀиттийна бара Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а. Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а, иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу Закри-ЯхӀу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара. 13Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тӀехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тӀехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тӀехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гӀарол дийраш а.

14Цара Везачу Элан цӀа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар. 15ТӀаккха Хьалкхи-ЯхӀус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цӀа чохь». И тептар Шапанига дӀаделира Хьалкхи-ЯхӀус. 16Шапанис и тептар паччахьна тӀедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тӀедиллинарг цара дерриг а кхочушдо. 17Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дӀаделла», – аьлла. 18Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга», – аьлла. Иза паччахьна хьалха дӀадийшира цо.

19Товрат-хьехамийн дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедарш этӀийра. 20ТӀаккха динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а, тӀе а дуьллуш, цо элира: 21«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, хӀунда аьлча хӀокху тептаран дешнашка ладоьгӀна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тӀехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».

22Динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, паччахьо дӀахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гӀуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца. 23Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀе хьажийначу стаге хӀара дӀаала: 24‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тӀебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тӀехь кхочушхир ду яхӀудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тӀехь долу дерриге а неӀалташ›’. 25Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дар а веш, Сан оьгӀазло кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу летта алу санна, хир ю. 26Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 27‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. – 28И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дӀавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Ас кху меттигна тӀебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“».

Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.

Юши-ЯхӀус Везачу Элаца бина барт

(ТӀаьххьарнаш 23:1-20)

29Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 30Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге а халкъ а, Ярушалайман берриге а бахархой а, динан дай а, левихой а, доллу халкъ а, уггаре ладам доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀе кхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала халкъаца бинчу бертан тептар тӀера дерриг а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо а халкъана дӀа а хозуьйтуш. 31БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тӀехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а. 32Шаьш и барт тӀеоьцуш паччахьо чӀагӀо яр тӀедиллира берриг а Ярушалаймерчу бахархошна а, бен-яманхошна а. Иштта, Ярушалайман бахархой шайн дайн Дела волчу Делаца бинчу барте хьаьжжина, лела буьйлабелира. 33Исраилхойн долахь болчу берриге а махкара дегаза болу цӀуш дӀабехира Юши-ЯхӀус. Исраил-махкахь дехачу дерриге а халкъана тӀедиллира цо шайн Везачу Далла Ӏамалъяр. Юши-ЯхӀу-паччахь вехаш хиллачу массо а хенахь, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀа ца бевлира уьш.

‏ 2 Chronicles 35:1-19

Пасахь олу дезде даздар карладаккхар

(ТӀаьххьарнаш 23:21-23)

1Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхӀус. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь дезачу денна лерина сагӀина беанчу Ӏахарна урс хьаькхира. 2Юши-ЯхӀус динан дай дӀахӀиттийра шайн-шайн гӀуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахӀиттадора цо Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна. 3Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дӀакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀанта Сулима дӀахӀоттийначу Везачу Элан цӀа чохь охьахӀоттаде Делан деза тӀорказ. ХӀинца дуьйна иза дӀа а, схьа а лело дезар дац аша. ХӀинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гӀуллакх де аша. 4 aИсраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а, яз а дина, дӀахӀоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дӀахӀитта. 5Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хӀорра а декъана гӀо дархьама, Делан цӀийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дӀахӀоттае. 6Пасахьана лерина беанчу Ӏахарна урс хьакха кечам бе. ЦӀандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Ӏахар шайн вежаршна кечбе».

7Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Ӏахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхӀус, царах Пасахьан сагӀанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. 8Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагӀина хӀума деара. Делан цӀенна тӀехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхӀус, Закри-ЯхӀус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагӀина ши эзар ялх бӀе Ӏахар белира. Кхин а кхо бӀе сту а белира цо. 9Левихошна тӀехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхӀус а, цуьнан вежарша ШамӀа-ЯхӀус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхӀус а, иштта ЯӀиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагӀина лерина пхи эзар Ӏахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бӀе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.

10Иштта дӀахӀоттийнера и гӀуллакх дар. Динан дай шайн гӀуллакх дан дӀахӀиттира. Левихой а, паччахьо шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гӀуллакх дан дӀахӀиттира. 11Пасахьана лерина болчу Ӏахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Ӏахарех даьлла цӀий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тӀера цӀока схьайоккхура. 12Дагоран сагӀа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дӀакъастийра левихоша, тӀаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тӀехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагӀина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а. 13 bХьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира. 14Цул тӀаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагӀина деанарг, хӀунда аьлча АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай буьйсанна тӀаьххьалц Ӏийнера дагоран сагӀанаш а дохуш, кхечу сагӀанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург. 15 cДауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара. 16Иштта дӀахӀоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дар. Иза дӀахӀоттийнера, Юши-ЯхӀу-паччахьо тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагӀа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккхархьама а. 17 dЦу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тӀаьхьа ворхӀ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара. 18Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхӀус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхӀудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара. 19Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш даздинера и де.
Copyright information for CheCAC2012