2 Chronicles 35:20-27
Юши-ЯхӀус паччахьалла даран чаккхе
(ТӀаьххьарнаш 23:28-30)
20Цул тӀаьхьа, Юши-ЯхӀус Делан цӀийнаца долу низам дӀахӀоттийначул тӀаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь тӀом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхӀу цунна дуьхьал тӀом бан аравелира. 21Нахус Юши-ЯхӀуна тӀе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дӀаала аьлла: «Суна а, хьуна а хӀун ду иза, яхӀудхойн паччахь? ХӀинца со хьуна дуьхьал тӀом бан вогӀуш вац, ткъа соьца тӀом латтош йолчу пачхьалкхе вогӀуш ву. Дала, сихо е аьлла, тӀедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама». 22Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь. 23Мисархоша Юши-ЯхӀу-паччахьна тӀе пхерчий кхиссира. ТӀаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДӀавигалаш со кхузара, хӀунда аьлча суна чӀогӀа чов хилла». 24ГӀудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гӀудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхӀу. Иза Ярушалайме дӀавигира. Цигахь Юши-ЯхӀу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дӀавоьллира. ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а дерриг а халкъо белхар хӀоттийнера Юши-ЯхӀуна. 25Ярми-ЯхӀу-пайхамаро тийжамаш дӀаязбира Юши-ЯхӀуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхӀух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю. 26Юши-ЯхӀус динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гӀуллакхех лаьцна, 27дуьххьарлерчу гӀуллакхна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 2 Chronicles 36:1
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз
(ТӀаьххьарнаш 23:30-35)
1ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра.
Copyright information for
CheCAC2012