2 Chronicles 36:1-4
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз
(ТӀаьххьарнаш 23:30-35)
1ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра. 2ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. 3Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхӀу-Ахьаз дӀаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирӀуно гӀуда далар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Иза дара ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а. 4 aТӀаккха ЯхӀу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра. Ткъа Элъякъиман цӀе пирӀуно хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дӀа а лаьцна, Мисар-махка дӀавигира Нахус.
Copyright information for
CheCAC2012