‏ 2 Chronicles 36:11-13

ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу

(ТӀаьххьарнаш 24:18-20; Ярми-ЯхӀу 52:1-3)

11 aЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. 12ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхӀу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦӀадукъ-ЯхӀуна.

Ярушалайман йожар

(ТӀаьххьарнаш 25:1-21; Ярми-ЯхӀу 52:3-11)

13 bДелан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза.
Copyright information for CheCAC2012