2 Chronicles 36:13-21
Ярушалайман йожар
(ТӀаьххьарнаш 25:1-21; Ярми-ЯхӀу 52:3-11)
13 aДелан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. 14Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тӀехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гӀуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь даздина долу Цуьнан цӀа сийсаз а дора цара. 15Шен халкъах а, Шен хӀусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тӀе. 16Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьӀаьржачу хӀиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чӀогӀа алсам а йоккхуш. 17 bВезачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. 18Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо. 19 cХашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара. 20Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дӀахӀотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тӀаьхьенан а леш хилира. 21 dИ дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоӀуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна са а доӀуш, кхузткъе итт шо дуззалц.
Copyright information for
CheCAC2012