‏ 2 Chronicles 36:17-19

17 aВезачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. 18Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо. 19 bХашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара.
Copyright information for CheCAC2012