‏ 2 Chronicles 36:17-21

17 aВезачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. 18Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо. 19 bХашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара. 20Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дӀахӀотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тӀаьхьенан а леш хилира. 21 cИ дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоӀуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна са а доӀуш, кхузткъе итт шо дуззалц.
Copyright information for CheCAC2012