2 Chronicles 36:5-7
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Якхам
(ТӀаьххьарнаш 23:36–24:7)
5 aЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. 6 bНабухди-Нецар-паччахьо, цунна тӀе а летта, иза схьа а лаьцна, цӀастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гӀала дӀавигархьама. 7Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш.
Copyright information for
CheCAC2012