‏ 2 Chronicles 36:5-8

ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Якхам

(ТӀаьххьарнаш 23:36–24:7)

5 aЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. 6 bНабухди-Нецар-паччахьо, цунна тӀе а летта, иза схьа а лаьцна, цӀастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гӀала дӀавигархьама. 7Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш. 8ЯхӀу-Якхама динчу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дегаза долчу хӀуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь. ЯхӀу-Якхаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин.
Copyright information for CheCAC2012