2 Chronicles 4:11-18
11Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цӀа чохь ша беш болу белхаш: 12ши бӀогӀам а,царна гонах таьжнийн ши го а,
оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт а.
13Оцу бойнан шина суьрта тӀе билла биъ бӀе цӀестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могӀарехь оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира.
14КӀелхӀотторгаш а, царна тӀеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,
15цӀестан боккха яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
16тесаш, белаш, мӀерий, церан массо а кхиболу гӀирс а бира цо.
Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхӀус ▼
▼Хьирам-Аби-ЯхӀу – иза Хьираман кхин цӀе ю.
Везачу Элан цӀенна мел йина хӀума а заьнгала динчу цӀастанах йинера. 17И ерриг а хӀума Йордан-хин тогӀи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀардан а олучу меттигашна юккъехь. 18И хӀуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цӀастанан барам буста а ца лора.
Copyright information for
CheCAC2012