2 Chronicles 4:11-22
11Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цӀа чохь ша беш болу белхаш: 12ши бӀогӀам а,царна гонах таьжнийн ши го а,
оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт а.
13Оцу бойнан шина суьрта тӀе билла биъ бӀе цӀестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могӀарехь оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира.
14КӀелхӀотторгаш а, царна тӀеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,
15цӀестан боккха яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
16тесаш, белаш, мӀерий, церан массо а кхиболу гӀирс а бира цо.
Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхӀус ▼
▼Хьирам-Аби-ЯхӀу – иза Хьираман кхин цӀе ю.
Везачу Элан цӀенна мел йина хӀума а заьнгала динчу цӀастанах йинера. 17И ерриг а хӀума Йордан-хин тогӀи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀардан а олучу меттигашна юккъехь. 18И хӀуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цӀастанан барам буста а ца лора. 19Иштта Делан цӀа чохь оьшур йолу массо а хӀума яйтинера Сулим-паччахьо: дашо кхерч а, Далла лерина долу бепиг тӀедуьллу стоьлаш а, 20церан къуьданашца болу а, цӀеначу деших боьттина болу а стогарш (уьш, тӀедиллина ма-хиллара, уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха латабора), 21зезагийн суьрташ а, чӀурам хӀотторгаш а, морзахаш а (и ерриг хӀума а цӀеначу деших йинера), цӀеначу деших дина тукарш а, боганаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллуш долу кедаш а, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш а. Делан цӀийнан неӀарш (уггар езачу чоьнан чуьра неӀарш а, Делан цӀийнан важа неӀарш а) деших йинера.22 2 Chronicles 5:1
1 bИштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулима. Делан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира цо.
Copyright information for
CheCAC2012