‏ 2 Chronicles 6:3-11

3Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза. 4 aТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 5„Мисар-махкара Сайн халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Я цхьа а адам ца хаьржира Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хилийта. 6Ткъа хӀинца Ярушалайм-гӀала схьахаьржина Аса, Сайн цӀе язъян лерина цӀа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта“.

7Сан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто. 8Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 9Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.

10Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна. 11Везачу Эло Исраилан халкъаца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш шена чохь Ӏуьллу тӀорказ цу цӀа чу охьадиллина аса».
Copyright information for CheCAC2012