2 Chronicles 7:11-22
Веза Эла Сулим-паччахьна кхин цкъа а дуьхьалхӀоттар
(Сулим 9:1-9)
11Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦӀа а, паччахьан цӀа а. Везачу Элан ЦӀенна тӀехь а, шен цӀенна тӀехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо. 12ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама. 13Нагахь Аса, стигал дӀа а къевлина, догӀа ца даийтича а, я цӀоз тӀе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хӀаллак а деш, цамгар яржийча а, 14Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. 15ХӀинца дуьйна Сан бӀаьргаш а дӀадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доӀанашна. 16ХӀинца дуьйна Ас даздина хӀара ЦӀа, Сайн цӀе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бӀаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь. 17Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тӀедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь, 18 aАс чӀагӀдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чӀагӀо еш ма-аллара: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 19Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тӀера дӀа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гӀуллакх деш, царна корта беттахь, 20тӀаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тӀера Исраилан халкъ орамашца дӀадоккхур ду Ас. Ткъа хӀара Сайн цӀе язъян Айса къобалдина ЦӀа Сайна дуьхьалара дӀадоккхур ду. ТӀаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цӀе йохуьйтур ю Ас хӀокху Сайн цӀийнан. 21Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“ 22Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дӀа а тесна, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».
Copyright information for
CheCAC2012