2 Chronicles 7:12-18
12ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама. 13Нагахь Аса, стигал дӀа а къевлина, догӀа ца даийтича а, я цӀоз тӀе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хӀаллак а деш, цамгар яржийча а, 14Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. 15ХӀинца дуьйна Сан бӀаьргаш а дӀадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доӀанашна. 16ХӀинца дуьйна Ас даздина хӀара ЦӀа, Сайн цӀе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бӀаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь. 17Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тӀедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь, 18 aАс чӀагӀдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чӀагӀо еш ма-аллара: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.
Copyright information for
CheCAC2012