2 Chronicles 7:4-10
4Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагӀа даьккхира. 5Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара сагӀина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цӀа даздира. 6Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гӀирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гӀирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маӀаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь. 7Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора. 8Цу хенахь ворхӀ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Ӏинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц. 9ВорхӀ дийнахь Везачу Элана сагӀа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхӀ дийнахь четаршна чохь Ӏаш долу денош а даздира, ткъа цул тӀаьхьа тӀедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тӀаьхье йира. 10ТӀаккха ворхӀалгӀачу беттан ткъе кхоалгӀачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цӀа дӀадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.
Copyright information for
CheCAC2012