2 Chronicles 9:1-12
Шеба-махкара зуда-паччахь
(Сулим 10:1-13)
1 aШеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цӀе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тӀехь доьттина деана хаза хьожа йогӀучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тӀулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 2Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. 3Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цӀа а. 4Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш йолу хӀусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагӀардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, иза чӀогӀа инзаръяьллера. 5Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 6Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. 7Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 8Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гӀанта тӀе, Шен цӀарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чӀагӀдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хӀоттийна, цу халкъана тӀехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». 9Сулим-паччахьна ши бӀе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогӀучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогӀу хӀуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера. 10Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а деанера. 11Оцу цӀечу дечигах Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀейоьду тӀегӀанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхӀуд-махкахь хӀетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг. 12Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.
Copyright information for
CheCAC2012