2 Chronicles 9:13-29
Сулим-паччахьан хьал
(Сулим 10:14-25)
13Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 14Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна. 15ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.
туьйсина деши дахнера. 16Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана кхо бӀе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 17Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира. 18Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантаца хоьттина йина дашо когийн кӀело яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голахӀотторгаш яра, царна хӀоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара. 19Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара. 20Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара. 21Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хӀордахоша леладора и кеманаш. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. 22Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 23Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 24ХӀора шарахь дукха адам догӀура, Сулим гархьама. Шаьш догӀуш царах хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих, деших йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш. 25 bЙиъ эзар ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: Йиъ эзар. Ӏебархойн тептар тӀехь: шовзткъа эзар.
гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин ▼▼Шийтта эзар дин – я иштта: шийтта эзар дошло.
а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш. 26 eЭпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. 27Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 28 fМисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана. Сулим-паччахьан дӀакхалхар
(Сулим 11:41-43)
29Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тӀера тӀаьххьарлерачунна тӀекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тӀехь а, шилунхо волчу АхьъяхӀуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатӀан кӀантах ЯрбаӀамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯӀду-пайхамарна дуьхьал хӀуьттучу суьрташкахь а.
Copyright information for
CheCAC2012