2 Chronicles 9:22-27
22Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 23Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 24ХӀора шарахь дукха адам догӀура, Сулим гархьама. Шаьш догӀуш царах хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих, деших йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш. 25 aЙиъ эзар ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: Йиъ эзар. Ӏебархойн тептар тӀехь: шовзткъа эзар.
гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин ▼▼Шийтта эзар дин – я иштта: шийтта эзар дошло.
а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш. 26 dЭпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. 27Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
Copyright information for
CheCAC2012