‏ 2 Chronicles 9:3-6

3Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цӀа а. 4Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш йолу хӀусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагӀардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, иза чӀогӀа инзаръяьллера.

5Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 6Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду.
Copyright information for CheCAC2012