a Арадаккхар 34:29.
bАрадаккхар 34:33.
cАрадаккхар 34:34.

‏ 2 Corinthians 3:7-16

7 aШайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, 8цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! 9Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тӀех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. 10ХӀунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хӀинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. 11Нагахь дӀадер дерг а сийлалла долуш хилча, тӀаккха хӀара цкъа а дӀадер доцург кхин а сийлалла долуш ду.

12Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. 13 bИсраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. 14Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху. 15Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тӀехь пардо хуьлу. 16 cЙозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккхура»
16-гӀа аят иштта гочдан мегар дара: «Стаг Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккху».
.
Copyright information for CheCAC2012