‏ 2 Kings 11:4-16

4Цуьнан ворхӀалгӀа шо долуш, динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан гӀаролхошна а, паччахьан цӀийнан гӀаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цӀийне ша волчу схьабалийра. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрца барт бира. ТӀаккха динан дас, Везачу Элан цӀа чохь цаьрга чӀагӀо а яйтина, паччахьан кӀант Юаш гайтира царна. 5ЯхӀу-ЯдаӀа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хӀара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогӀуш долчу кхоалгӀачу декъо паччахьан цӀенна ха де. 6Царах вукху кхоалгӀачу декъо – Сур олучу кевнехь, ткъа тӀаьххьара кхоалгӀачу декъо паччахьан гӀаролхошна тӀехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цӀенна тӀехь аша рогӀ-роггӀана ха де. 7Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цӀахь волчу паччахьна ха де. 8Иштта аша, шайн хӀораннан а карахь герз а долуш, массо а агӀор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тӀе а веана, юкъагӀортахь я тӀевагӀахь, иза вей дӀаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Ӏуналла де».

9Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а тӀемалой шайца ЯхӀу-ЯдаӀана тӀебалийра. 10Везачу Элан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира. 11Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гӀаролхой дӀахӀиттира цигахь. Уьш дӀахӀиттира паччахьна гонах – Везачу Элан цӀенна аьтту агӀонна тӀера аьрру агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цӀенна уллохь а. 12ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза паччахь дӀахӀотто даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха, тӀараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш.

13Шена гӀаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу халкъана тӀеяхара. 14ТӀаккха, лакхенна тӀехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехула юьйхина йолу бедар ятӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.

15Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болчу гӀаролхошка омра а деш, элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза». 16Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.
Copyright information for CheCAC2012