2 Kings 14:2-6
2Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 3Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма цу тӀехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гӀуллакхаш леладора. 4Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 5Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира. 6 aАмма Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».
Copyright information for
CheCAC2012