‏ 2 Kings 14:23-29

Исраилхойн паччахь ЯрбаӀам

23ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀанта Амци-ЯхӀус паччахьалла до пхийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЮшаӀан кӀант ЯрбаӀам. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. 24ЯрбаӀама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 25 aЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.

26Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Ӏазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гӀо дан. 27Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цӀе стигал кӀелара дӀаяйа аьлла ца хиларна, ЯхӀуашан кӀентан ЯрбаӀаман куьйгахула кӀелхьарбехира Цо уьш.

28ЯрбаӀама динчу массо а кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гӀаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 29ТӀаккха ЯрбаӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯрбаӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Закри-ЯхӀу.
Copyright information for CheCAC2012