2 Kings 14:8-20
8ТӀаккха Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ», – дӀаала аьлла. 9Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна. 10Ахьа эдомхошна тӀехь толам баьккхина. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара». 11Амма Амци-ЯхӀус ла ца дуьйгӀира шега аьллачуьнга. ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 12Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира. 13Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 14Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегӀа а схьаийцира ЯхӀуаша. Иштта, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза. 15ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 16ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀуашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯрбаӀам.ЯхӀудхойн паччахь волчу Амци-ЯхӀун валар
(2 Шерашкахь 25:25-28)
17ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира. 18Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 19Ярушалаймехь Амци-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра. 20Амци-ЯхӀун дакъа говраш тӀехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.
Copyright information for
CheCAC2012