2 Kings 15:1-7
ЯхӀудхойн паччахь волу Ӏузи-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 26:1-23)
1Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу ▼▼Ӏузи-ЯхӀу – Ӏебархойн тептар тӀехь: Ӏазар-ЯхӀу. Иза Ӏузи-ЯхӀун кхин цӀе ю. Оцу тептар тӀехь цхьадолчу аяташкахь цунах Ӏазар-ЯхӀу олу, ткъа кхечу аяташкахь цунах Ӏузи-ЯхӀу олу.
. 2Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра. 3Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 4Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 5Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора. 6Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 7 bТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.
Copyright information for
CheCAC2012