‏ 2 Kings 16:1-4

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз

(2 Шерашкахь 28:1-27)

1Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Йовтаман кӀант Ахьаз. 2Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза. 3 aИза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кӀант цӀерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш лела а деш. 4Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.
Copyright information for CheCAC2012