2 Kings 16:7-9
7Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна тӀе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кӀелхьарваккхахьа со». 8ТӀаккха Ахьаза Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан цӀийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгӀатна дахьийтира. 9Ашурхойн паччахьо ладуьйгӀира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тӀом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гӀала дӀакхалхийтира, ткъа Рицан вийра.
Copyright information for
CheCAC2012