‏ 2 Kings 18

ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 29:1, 2; 31:1)

1Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу. 2Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра. 3Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. 4 aСагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора. 5Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхӀу. Цул хьалха, я цул тӀаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхӀудхойн массо а паччахьашна юкъахь. 6Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дӀа ца вирзира Хьузакх-ЯхӀу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. 7Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гӀуллакхаш тӀехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхӀу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтӀахь вацара Хьузакх-ЯхӀу. 8Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц.

9Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до доьалгӀа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тӀе а гӀоьртина, Шамран-гӀалина го бира. 10Кхо шо даьлча, Шалманесара дӀалецира и гӀала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до йолхалгӀа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, дӀалаьцнера Шамран-гӀала. 11Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дӀабигира. Хьалахь-гӀалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гӀалахь а, мадайхойн гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш.

12И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догӀарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тӀе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугӀура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

(2 Шерашкахь 32:1-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22)

13Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира. 14ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра. 15Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус. 16Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо. 17Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш. 18Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара. 19Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’ 20Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 21Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.
22Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’. 23Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна? 24Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча? 25Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“».

26Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».

27Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со».

28ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка! 29ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац. 30‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта. 31Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен долахь йолчу гӀу чуьра хи а молийла, 32аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа. 33Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний? 34Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева олучу гӀаланийн деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? 35Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“»

36Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла. 37ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.

‏ 2 Kings 19

Паччахьо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаре хьехам бар дехар

(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:1-7)

1Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу. 2Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо. 3Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. 4Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“».

5Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича, 6ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. 7Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».

Ашурхоша кхин цкъа а кхерам боуьйту

(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:8-20)

8Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра. 9ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе, 10цуьнга дӀаала: «Хьан Шех дегайовхо йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“, – аьлча. 11Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа? 12Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара? 13Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»

14Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15 bВезачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 16Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга. 17Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 18церан цӀу-деланаш цӀерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора. 19Ткъа хӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».

ЕшаӀ-ЯхӀугахула Дала делла жоп

(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:21-38)

20Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахьа Соьга ашурхойн паччахьна дуьхьал дина доӀа хезна Суна. 21ХӀара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг,
Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.
22Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а?
Хьанна дуьхьал аз айдина ахь,
Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина?
Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх!
23Веза Эла емал а веш,
хьайн геланчашкахула ахьа бохура:
‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца
ломан лакхенашка хьалаваьлла со,
Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе.
Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а,
тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса.
Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а,
хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со.
24Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш,
царна чуьра хи мийлина аса.
Сайн когийн айрашца Мисар-махкара
дерриг а хиш лакъийна аса›.

25Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар
хьуна ца хезна те?
Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина,
хӀинца иза Аса кхочушдина,
чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш,
царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.
26Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла,
кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана.
Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш.
Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш,
кхиале берриг а марца а мерцина,
малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.

27Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а,
араваьлча а, чуваьлча а.
Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.
28Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а,
хьан цавашар Сан лере кхачарна а,
хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю,
хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса.
Хьо схьавеанчу новкъахула
юха а верзор ву Аса’“.

29ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа. 30ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. 31ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагӀ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду.

32Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. 33Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – 34Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“».

35Цу буьйсанна хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира. 36Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира. 37Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.

‏ 2 Kings 20

Хьузакх-ЯхӀу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а

(ЕшаӀ-ЯхӀу 38:1-8, 21, 22; 2 Шерашкахь 32:24-26)

1Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».

2Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус: 3«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.

4ЕшаӀ-ЯхӀу паччахьан цӀийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга: 5«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхӀуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгӀачу дийнахь Везачу Элан цӀийне гӀур ву хьо. 6Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тӀетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хӀара гӀала’“».

7ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьаэца». Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейиллира цара. ТӀаккха паччахь товелира. 8Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга хаьттира: «ХӀун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгӀачу дийнахь со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аларан?»

9ЕшаӀ-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хӀара хир ю: лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?»

10Хьузакх-ЯхӀус элира: «ӀиндагӀана атта хир ду итт тӀегӀанна хьалхадала. ХӀан-хӀа, лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадалийта».

11ЕшаӀ-ЯхӀу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тӀера ӀиндагӀ ша тӀедаханчу итт тӀегӀанна юхадаккхийтира.

Бавел-махкара болу геланчаш

(ЕшаӀ-ЯхӀу 39:1-8)

12Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела. 13Геланчаш тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа
ЧӀоь-цӀа – иза тӀаьхьалонна йолу хӀума дӀаюьллуш долу цӀа ду.
чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а – герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дитира.
14Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?»

Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», – аьлла.

15«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус.

«Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус.

16ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, Везачу Эло хӀун боху: 17 d„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. 18 eАхьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах».

19Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.

Хьузакх-ЯхӀун паччахьаллин чаккхе

(2 Шерашкахь 32:32, 33)

20Хьузакх-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Ӏомах а, цо лаьтта кӀелхула гӀали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дӀаяздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 21Хьузакх-ЯхӀу а, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.
Copyright information for CheCAC2012