2 Kings 18:13-27
Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу
(2 Шерашкахь 32:1-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22)
13Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира. 14ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра. 15Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус. 16Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо. 17Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш. 18Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара. 19Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’ 20Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 21Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.22Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’. 23Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна? 24Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча? 25Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“».
26Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца». 27Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со».
Copyright information for
CheCAC2012