aАрадаккхар 25:22.
2 Kings 19:8-19
Ашурхоша кхин цкъа а кхерам боуьйту
(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:8-20)
8Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра. 9ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе, 10цуьнга дӀаала: «Хьан Шех дегайовхо йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“, – аьлча. 11Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа? 12Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара? 13Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?» 14Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15 aВезачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 16Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга. 17Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 18церан цӀу-деланаш цӀерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора. 19Ткъа хӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».
Copyright information for
CheCAC2012