2 Kings 20:1-11
Хьузакх-ЯхӀу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а
(ЕшаӀ-ЯхӀу 38:1-8, 21, 22; 2 Шерашкахь 32:24-26)
1Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“». 2Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус: 3«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу. 4ЕшаӀ-ЯхӀу паччахьан цӀийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга: 5«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхӀуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгӀачу дийнахь Везачу Элан цӀийне гӀур ву хьо. 6Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тӀетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хӀара гӀала’“». 7ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьаэца». Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейиллира цара. ТӀаккха паччахь товелира. 8Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга хаьттира: «ХӀун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгӀачу дийнахь со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аларан?» 9ЕшаӀ-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хӀара хир ю: лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?» 10Хьузакх-ЯхӀус элира: «ӀиндагӀана атта хир ду итт тӀегӀанна хьалхадала. ХӀан-хӀа, лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадалийта». 11ЕшаӀ-ЯхӀу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тӀера ӀиндагӀ ша тӀедаханчу итт тӀегӀанна юхадаккхийтира.
Copyright information for
CheCAC2012