2 Kings 20:12-19
Бавел-махкара болу геланчаш
(ЕшаӀ-ЯхӀу 39:1-8)
12Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела. 13Геланчаш тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа ▼▼ЧӀоь-цӀа – иза тӀаьхьалонна йолу хӀума дӀаюьллуш долу цӀа ду.
чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а – герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дитира. 14Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», – аьлла. 15«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус. 16ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, Везачу Эло хӀун боху: 17 b„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. 18 cАхьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах». 19Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.
Copyright information for
CheCAC2012