‏ 2 Kings 21:1-9

ЯхӀудхойн паччахь волу Маннаш

(2 Шерашкахь 33:1-20)

1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра. 2 aВезачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша. 3Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора. 4 bВезачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. 5Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо. 6Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо. 7 cАшера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. 8Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац». 9Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.
Copyright information for CheCAC2012