2 Kings 22:3-20
Товрат-хьехамийн тептар карор
(2 Шерашкахь 34:8-28)
3Юши-ЯхӀу-паччахьо олалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кӀентан Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цӀийне. Паччахьо элира: 4«Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а гӀой, Везачу Элан цӀийнан кевнехь лаьтташ болчу гӀаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. 5И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьовсучу нехан кара дӀадала деза. Ткъа цара дӀадекъа деза и ахча Везачу Элан цӀа тодеш болчарна: 6дечиг пхьерашна а, гӀишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тӀулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цӀа тодархьама. 7 aШаьш оцу белхалошна дӀалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хӀунда аьлча царах теша мегар ду». 8 Динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цӀа чохь». Хьалкхи-ЯхӀус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дӀадийшира. 9Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цӀа тодеш белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн кара дӀаделла». 10ТӀаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира. 11Товрат-хьехамийн тептар тӀера дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. 12ТӀаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а тӀе а дуьллуш, элира: 13«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, берриге а яхӀудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, вайн дайша хӀокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгӀина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». 14ТӀаккха динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, Ахьикхам а, Ӏахбар а, Шапани а, Ӏаси-ЯхӀу а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. 15Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀехьажийначу стаге хӀара дӀаала: 16‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тӀе, яхӀудхойн паччахьо дешна долчу тептар тӀера дерриг а дешнаш тӀехь ма-хиллара. 17Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгӀазло хир ю кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу алу санна›’. 18Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 19Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. – 20И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Аса кху меттигна тӀебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“». Паччахьна тӀедаьхьира и жоп. 2 Kings 23:1-27
Юши-ЯхӀус кхечу деланашна Ӏамалъяр дӀадаккхар
(2 Шерашкахь 34:3-7, 29-33)
1Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 2Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀекхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тӀера дерриге а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дӀа а хозуьйтуш. 3БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан. 4 bТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цӀийнан кертарчу гӀаролашка а, оцу кертахь цӀу-деланашка БаӀална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Ӏамал еш дӀахӀоттийна мел йолу хӀума араяккха аьлла. Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриг хӀуманаш Ярушалайм-гӀалина арахьа йолчу Кхидрун-тогӀи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гӀала дӀабаьхьира. 5ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. 6Везачу Элан цӀийнан кертахь Ашера-цӀунна боьгӀна болу бӀогӀам Юши-ЯхӀу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гӀалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогӀи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хӀуманех чим бина, иза цӀеяхана боцучеран къуббанашна тӀехула дӀасабаржабайтира цо. 7Цул тӀаьхьа Юши-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь лаьтташ болчу цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цӀенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цӀунна Ӏамал ечу хенахь тӀеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) 8Юши-ЯхӀу-паччахьо массо динан дай, ЯхӀуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гӀали чубехира. Берриге а ЯхӀуд-махкахь – ГибаӀ-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц – динан дайша тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхӀу-паччахьо иштта гӀалин кевнна уллохь болчу газа-цӀушна лерина болу сагӀа доккху гу бохабайтира. ГӀалин хьаькам хиллачу ЮшаӀан кевнехь чуволлучохь, гӀалин кевнан аьрру агӀор, бара и гу. 9Ткъа, хьалха цӀушна Ӏамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана хӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна. 10 cЮши-ЯхӀу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кӀант я йоӀ цигахь Мулка-цӀунна лерина цӀерах чекх ца бахийтархьама. 11ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира. 12 dЯханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша Ахьазан цӀенойн тӀехула долчу цӀийнан тхов тӀе тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь сагӀа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриге сагӀа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогӀи чу кхиссийтира. 13 eЯрушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана ▼▼ХӀаллакдаран лам – иза «Зайт-диттийн ломан» кхин цӀе ю, иза емалъеш олуш йолу.
къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна ▼▼МилкӀом-цӀу – я иштта: Мулка-цӀу.
а лерина. 14Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира. 15 hИштта кхин а Юши-ЯхӀу-паччахьо бохийна дӀабаьккхира Бетал-гӀалахь болу сагӀа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама цигахь, сагӀа доккхучу гу тӀехь, дӀахӀоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хӀума ягийна дӀаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бӀогӀам а тӀехь. Йисина хӀуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. 16 iЮши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира ▼▼Иштта кхочушхилира... къубба гира – иштта тӀетоьхна ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь цу дешнийн метта иштта дӀаяздина ду: Везачу Эло Делан стагехула хир ду ма-аллара, кхочушдира Юши-ЯхӀу-паччахьо и дерриг а.
Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. 17 kЦо хаьттира: «И хӀун чурт ду суна гуш дерг?» Цу гӀаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхӀуд-махкара вогӀуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хӀинца Бетал-гӀалин сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера». 18Юши-ЯхӀу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьӀахкаш цхьаммо а ма хьае». ТӀаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогӀуш хиллачу пайхамаран а даьӀахкаш. 19Иштта, Юши-ЯхӀу-паччахьо Шамран-махкарчу гӀаланашкахь сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дӀахӀиттийна цӀу-деланийн цӀенош а дохадайтира. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахнера цу кеппара долу цӀенош исраилхойн паччахьаша дӀахӀиттадарна. Ша Бетал-гӀалахь диннарг оцу гунаш тӀехь йолчу сагӀа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхӀу-паччахьо. 20Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхӀу-паччахьо байина дӀабахийтира. ТӀаккха адамийн даьӀахкаш цу сагӀа доккхучу меттигашна тӀехь ягийра. Ткъа иштта Ӏамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхӀу-паччахь. Пасахь олу деза де даздар карладаккхар
(2 Шерашкахь 35:1-19)
21ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тӀехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“деза де». 22Исраилан халкъана тӀехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн деношна тӀекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. 23Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гӀалахь даздира.Юши-ЯхӀу-паччахьо дина керла гӀуллакхаш
24Юши-ЯхӀу-паччахьо хӀаллакбира ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тӀедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цӀахь болу цӀуш а, кхиболу цӀуш а, массо а кхидолу дегаза хӀуманаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цӀа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тӀера тӀедехкинарш кхочушдархьама. 25Юши-ЯхӀу-паччахьал хьалха я цул тӀаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тӀевирзина верг, массо а хӀуманна тӀехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг. 26Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтинера. ХӀинца а ЯхӀудан халкъана оьгӀазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. 27Везачу Эло элира: «Ас ЯхӀудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хӀара Сан цӀа а, Ас шех лаьцна: „Сан цӀе хир ю цу чохь“– аьлла долу, дӀатоттур ду Ас Сайна хьалхара».
Copyright information for
CheCAC2012